Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. «Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Іуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь, шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Іуьллучу меттигна тІера гонахарчу гІаланашна тІекхаччалц йолу юкъ юста еза. Велларг Іуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гІалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар. И шинар оцу гІалин къаноша дІадига деза ахказа а, дІаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогІене. Оцу тогІи чохь шинаран ворта кагъян еза. Цул тІаьхьа левихой болу динан дай тІебахка беза, хІунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гІуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гІуллакх дайта а, Везачу Элан цІарах декъалдарш дайта а. Веллачун юххехь йолчу оцу гІалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогІи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тІехула а лоцуш. Цара, дІа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Іанийна дац хІара цІий, тхан бІаьргашна гина хІума а дац хІара. Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргІатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дІадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цІий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТІаккха цІий Іаноран къа царна тІера дІадаьккхина хир ду. Иштта дІадаккха бехк боцучун цІий шайна тІера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».
Выбор основного перевода