Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. Со кхозлагІа а вогІу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац». Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тІе ма лаца.
Выбор основного перевода