Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь стага валлал чІогІа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагІа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дІа а вигий, ве иза. Нагахь цхьаммо адам даллал чІогІа цунна тІе аьчка хІума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву! Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тІулг а хилла, цо адам даллал чІогІа тІе тІулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хІума карахь а йолуш, стаг валлал чІогІа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! ЧІир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву. Нагахь стаг валлал чІогІа цхьаммо иза дІатеттинехь я вен дагахь цунна тІе хІума кхоьссинехь, я нагахь, шен цхьана стагаца мостагІалла долу дела, иза валлал цунна тІе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чІир йоькхуш волчо иза вуьйр ву.
Выбор основного перевода