Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. тІаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гІуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дІахІуттийла. Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гІалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гІуллакхашка дІахІиттийра ЯхІушаптис. Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.
Выбор основного перевода