Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. Иштта, ворхІ бІе зуда а, кхо бІе гІарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тІера дІаваьккхира Сулим-паччахь. Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дІаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дІаделла дацара.
Выбор основного перевода