Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догІалахь. Хьан бІаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. Амма иза вей дІаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тІе айина, иза верхьама. Цул тІаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тІехь. Цунна и валлалц тІе тІулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цІийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дІаверзийта уьш гІерта дела. Иза дІа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТІаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.
Выбор основного перевода