Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло тІамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагІашна кхочур ду. Мисара юхадахча гІолехь дацара вайна?» Уьш шайна юкъахь барт бан хІиттира: «Ваьшна тІехь хьаькам а хІоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш. Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хІордкеманаш тІехь. Цигахь шайн мостагІашна дохкалур ду шу, леш а, гІарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац». Йиъ эзар гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Цу чуьра цІу-делан дечиган бІогІам ара а баьккхина, иза багийра цара. Иштта ЯхІус исраилхошна юкъара БаІална Іибадат дар дІадаьккхира. Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дІалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гІудалкхаш а ю. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“» Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дІахІуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?
Выбор основного перевода