Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. Мусас, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тІе яздина ша ваьлча, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира: «ХІара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тІорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза паччахь дІахІотто даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха, тІараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш. Динан да волчу Хьалкхи-ЯхІус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цІа чохь». Хьалкхи-ЯхІус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дІадийшира.
Выбор основного перевода