Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Нагахь санна муьлхха а къа латорна тІехь я зулам дарна тІехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. Шун товрат-хьехамна тІехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.
Выбор основного перевода