Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тІехь цхьа айп делахь, астагІа я бІаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагІина лерина дІа ма ло иза. Къилахь дац ткъа, сагІина дахьаш дерг бІаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагІина деанарг астагІа я цамгар кхеттарг хилча? ДІакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тІеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Цу тІе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кІордийна-кх хІара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагІа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагІина деача, резахиларца шун карара уьш тІеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода