Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Оцу стеган цІе Элималик яра, цуьнан зудчун цІе НуІмат яра, ткъа шина кІентан цІераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш. Цу шина кІанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цІе Іарипат яра, ткъа вукхуьнан цІе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Іийра уьш. Цул тІаьхьа цуьнан ший а кІант, Махьлан а, Халин а, дІакхелхира. ТІаккха шен шина кІантах а, цІийндех а яьлла, и зуда ша йисира.
Выбор основного перевода