Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чІогІа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. Цо кІентан цІе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кІант», – бохура цо. Беталара дІа а бахана, Эпрати-гІалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. ЧІогІа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кІант хир ву». Шен са дІадалале Рахьала кІентан цІе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кІант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кІант» бохург ду). Рахьал кхелхира. Эпрати-гІала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дІайоьллира иза.
Выбор основного перевода