Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Амма Рутис жоп делира: «Ма гІертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гІур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву. Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дІа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц». «Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цІийнда веллачул тІаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тІееана хьо. Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тІома кІел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоІаза. Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хІунда йоьлху? Ахь яа хІума хІунда ца йоу? Хьан дог стенна Іийжаш ду? Со хьуна итт кІантал ца тоьлу?»
Выбор основного перевода