Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ЯхІудан несо Тамарас ЯхІудана ши кІант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кІант вара ЯхІудан. Парасан кІентий бара: Хьацрани, Хьамал. Зерахьан кІентий бара: Зимари, Этан, ХІайман, Калкал, ДарІа. Уьш верриг пхи кІант вара. Далла лерина йохо дІакъастийна хІуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тІебаийтина волу Ахари хилла Кармин кІант. Этанан кІант вара Іазар-ЯхІу. Хьацранина бина кІентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб. Рамин хилира кІант Іамминадаб. Іамминадабан хилира кІант Нахьшон, ЯхІудан тайпанан баьчча хилла волу. Нахьшонан хилира кІант Салма. Салмин хилира кІант БоІаз. БоІазан кІант хилира Іабади. Іабадин кІант хилира Юшай. Юшайн хилира кІентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгІаниг Абинадаб, кхозлагІниг ШимІа, воьалгІаниг Натунаил, пхоьалгІаниг Радай, йолхалгІаниг Оцам, ворхІалгІаниг Дауд. ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да. Рам Іамминадабан да хилла, Іамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да, Салман – БоІазан да. БоІазан нана Рахьаб хилла. БоІаз Іабадин да хилла. Іабадин нана Рути хилла. Іабади Юшайн да хилла, Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан, Дауд Юшаян, Юшай Іабадин, Іабади БоІазан, БоІаз Салманан, Салман Нахьшонан, Нахьшон Іамминадабан, Іамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхІудан,
Выбор основного перевода