Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гІалин кевне яха еза къаношна тІе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тІаьхье дІаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“. ТІаккха гІалин къаноша, и стаг тІе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, – алахь, цуьнан несо, цунна тІе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тІе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цІа меттахІотто лууш воцчунна до“. ТІаккха цуьнан цІенна исраилхошна юкъахь цІе туьллур ю „Мача дІаяьккхинчун цІа“, – аьлла».
Выбор основного перевода