Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дІадохкахь, цунна гІо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду. „Хьан ден вешин Шалуман кІант Хьанамиал хьо волчу вогІуш ву хьоьга дІаала: ‘Соьгара Іанатот-гІалахь долу сан кха хьайна дІаэца – вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“». Сан ден вешин кІанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Іанатот-гІалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дІаэца, хІунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дІаэца». ТІаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла.
Выбор основного перевода