Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тІехь а Цо бакъонца иза йо. Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн, хІунда аьлча Ахь халкъашна тІехь нийсонца кхел а йо, лаьттарчу къаьмнашна тІехь урхалла а до. Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тІехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХІордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла! Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду». Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.
Выбор основного перевода