Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!» Хастамаш бойла Цунна стигалша а, лаьтто а, хІордо а, цу чуьра дийна мел долчу хІумано а. Сакъералуш хуьлийла хІорд а, цунна чохь мел долу хІума а, иштта дерриг дуьне а, цунна тІехь дехаш мел дерг а. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Иштта, яккхийелаш стигалш а, стигалш тІехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тІехь а, хІорда чохь а дехаш дерш! ХІунда аьлча, шен йисина хан кІеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!»
Выбор основного перевода