Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено. Де дийне мел дели Цуьнан кІелхьардахар кхайкхаде. Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дІакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дІадийца. Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза. Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цІуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина. Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цІа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду. Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта чу дуьйлийша! Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гІойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!» ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е! Кхаш а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду, Везачу Элана хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна тІехь куьйгалла дархьама. Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гІуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина.
Выбор основного перевода