Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн, хІунда аьлча Ахь халкъашна тІехь нийсонца кхел а йо, лаьттарчу къаьмнашна тІехь урхалла а до. Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хІунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогІуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву. Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду. БІаьргашца гиначуьнга хьаьжна, цо гІуллакх къастор дац, лергашца хезначуьнга хьаьжна, цо нахана кхел йийр яц. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Нийсо цуьнан хенаш тІера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду. ХІунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина». Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо.
Выбор основного перевода