Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. ТІаккха со Везачу Элан цІе йоккхуш кхайкхира: «Веза Эла! КІелхьардаккхахьа сан са!» – аьлла. Веза Эла дика а, нийса а ву, вайн Дела къинхетаме ву. ГІо оьшуш берш Везачу Эло ларбо. Со холчу хІоьттича, Цо со кІелхьарваьккхира. Ва сан са, паргІат хилахьа, Везачу Эло хьуна дика дина дела. Мехала ду Везачу Элан бІаьргашна хьалха Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар! Амма шу хІумма а йоцурш ю, шун гІуллакхаш а ду пайда боцуш. Шу хоржуш верг а дегаза ву. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». Ткъа Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха! Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш.
Выбор основного перевода