Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. Даудан назма. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша. Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде.
Выбор основного перевода