Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гІуллакхаш? Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чІагІо йина гІуллакхаш? ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву? Ша йина чІагІо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамІ дойла дац, хІунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
Выбор основного перевода