Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ТІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кІа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Иза гина болу Эрзийн хІорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира. Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КІоргачу хІордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу.
Выбор основного перевода