Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга. Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со, Хьан тамашийначу хІуманех лаьцна хІинццалц схьадуьйцу ас. Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гІуллакхех лаций дІадийца. Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гІуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а, Суна дагадогІу дІаихна денош, Хьан массо а гІуллакхех ойла йо ас, Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.
Выбор основного перевода