Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара. Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. ТІаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагІий Іуйшца хІордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама?
Выбор основного перевода