Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бІаьргашна дуьхьалара Ахь со дІаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дІахезира сан доІанан аз, Хьайга со дІакхайкхича. Хьайн куьйгаца халкъаш хІаллакдира Ахьа, ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа. Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа, ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа. Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тІера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Ярушалайм-гІалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хІара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“.
Выбор основного перевода