Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгІазвахана дела. Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хІуманаш до Цо. Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела. Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гІовгІа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кІегий серладевлира Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду. Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана.
Выбор основного перевода