Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“».
Выбор основного перевода