Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гонахарчу латтанийн ерриге а пачхьалкхашкарчу адамашна тІе Делан кхерам боьссира, Исраилан мостагІашна дуьхьал тІом бинарг Веза Эла хиллийла шайна хезча. ЯхІушаптин пачхьалкх къепе хилла дІахІоьттира, Дала массо а агІор паргІато а елира цунна. Дуьнен чохь дийна мел долу хІума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хІорда чохь долу чІерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хІума, иштта лаьтта тІера хІора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду. Ткъа Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха! Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Выбор основного перевода