Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІеман аренгахь болу пІелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дІаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чІогІа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Іадийнера. Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву. Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цІа чуьра Хьо вогІучу хенахь. Исраилан халкъан Дела! Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чІагІо а. Декъала ву Хьо, Дела! Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода