Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мел Іан деза те сан бала хьоьгуш, хІора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагІаша со хьийзош? ЛадогІа Соьга, аьрха адамаш, нийса долчунна генахь дерш. Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – Ашур-мехкан паччахь, хьан Іуналла дийраш самабевр боцу наб еш бу, хьан баьччанаш гуттаренна а бийшина бу. Хьан халкъ лаьмнашкахула дІасадаьржина. Цхьа а вац иза схьагулдан.
Выбор основного перевода