Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хІорда чу кхоьссина. Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хІорда чу кхоьссина Цо». ТІаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогІуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара. Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагІий хІордо къайлабехира. Цу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Аса муьлхха а говр Іадор ю, ткъа цуьнан дошло хьекъалх воккхур ву. Сайн бІаьргаш Ас ЯхІудан халкъана тІехьажор бу, иза лардархьама, амма мостагІийн массо а говраш бІарзйийр ю Ас.
Выбор основного перевода