Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тІехь массо а адамна Сайн цІе йовзийта. Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина. Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гІап ю. ДІаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хІара боху алий: „ЦІадан-гІала, Со хьуна дуьхьалвер ву. Хьуна чохь Со гІаравер ву. Ас шайна кхел йинчул тІаьхьа а, Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тІаьхьа а, хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла. Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирІуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дІахІоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тІехь массо а адамашна Сайн цІе йовзийтархьама а».
Выбор основного перевода