Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гІалин паччахь Малки-ЦІадакъа велира, бепиг а, чагІар а эцна, Ибрамна дуьхьал. Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. Цийон-лома тІера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дІакхайкхаде аша Цуьнан гІуллакхаш. Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со. Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со, Цо тарха тІе а воккхур ма ву со. ХІунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хІусам ян лиъна Цунна.
Выбор основного перевода