Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан йисте кхаччалц Цо тІемаш а совцабо, секхаІад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цІергахь дагадо. Тарраш церан шайн дегнех чекхдевр ду, церан секхаІедаш кеглур ду. ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра. ТІаккха Исраил-махкарчу гІаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цІе а латийна, цу цІергахь герз дагор ду – кегий а, даккхий а турсаш а, секхаІедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхІ шарахь шайн цІерашкахь дагор ду цара уьш. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гІудалкхаш Ас кІур бина ягор ю. Хьан лоьман кІорнеш туьро юур ю. Хьан хІонс а дІайоккхур ю Ас лаьтта тІера. ХІинца чул тІаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш».
Выбор основного перевода