Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хІума ду. Царах цхьа а диканиг дийриг вац. Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара. Цхьана а хІуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш.
Выбор основного перевода