Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Іесачеран хьехамаш тІеэцар генахь ду суна! Кест-кеста бойий те Іесачийн чиркх? Кест-кеста вонаш догІий те цаьрга? Ша оьгІазваханчу хенахь кест-кеста Дала баланаш хьовзабой те царна тІе? Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла. Царна тІаьхьа Везачу Элан Малик а долийла. ЦІеххьана хІаллакьхилар нислойла хІинца царна шайна. Къайлаха когаш кІел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хІаллакьхуьлийла уьш. Іеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дІатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Іожалла тІехІоьттича а, догдохийла ю.
Выбор основного перевода