Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цІа а, хьан ден цІа а массо а хенахь Сан бІаьргашна хьалха гІуллакх деш хир ду“. Амма хІинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цІе сийсаза йоккхуш верг юьхьІаьржачу а хІуттур ву. ГІан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дІавоккхур ву иза. Кест-кеста бойий те Іесачийн чиркх? Кест-кеста вонаш догІий те цаьрга? Ша оьгІазваханчу хенахь кест-кеста Дала баланаш хьовзабой те царна тІе? Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна. ТІаккха Ариална дуьхьал тІом беш долчу къаьмнийн массо бІош а, цунна а, цуьнан чІагІонашна а тІелеташ болу мостагІий а, цунна гІайгІа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гІенах а санна, къайлабевр бу.
Выбор основного перевода