Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла. Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац». Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. Ахь тІедехкинаршца а лелаш, Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо. Хьан цІе дагахь латто а, Хьо хьехо а бен тхан лаам бац. ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». Цул сов, кхидолу массо а хІума эрна хета суна, хІунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хІуманах ваьлла. Кхидолу массо а хІума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,
Выбор основного перевода