Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Иза, ког тасабелча а, вужур вац, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дІалоцу. Сан са а безамца Хьох дІа ма хьерча. ГІо деш, со дІалоцу Хьан аьтту куьйго. Ткъа ШамІа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тІегІур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш. ДІакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Іожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац! Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна». ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. Со теша, я Іожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, я цхьана а вайна тІехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хІумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула болчу Делан безамах вай дІакъасто йиш цахиларх.
Выбор основного перевода