Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. qac Мqac*аргІалдоьлла аренан зезагаш санна, Іесанаш хІаллакьхир бу. Везачу Элан мостагІий, кІур санна, дІабовр бу. Цара шаьш бехдира шайн гІуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш. qac Чqac*ІогІа генахь бу Іесанаш кІелхьарбахарх, царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна. Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина. «Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кІелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура. Тешам боцурш! ХІара дуьне дезар Делаца мостагІалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагІа хила лууш верг Делан мостагІа хуьлу.
Выбор основного перевода