Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа бода дІабаржабо, тІаккха буьйса тІекхочу. И хан тІекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой. Лоьмаша, гІигІ деш, ижу йоьху, Дала ло кхача шайна лоьхуш. Малх схьакхетарца уьш дІа а теба, шайн Іуьргашкахь охьа а дуьйшу. Ткъа адам шайн болх бан хьалагІотту, цо сарралц къа а хьоьгу. Бавелера арадовла, хашадхойх дІадовда! Хазахетаран маьхьаршца дІакхайкхаде иза, массо меттехула дІасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргІатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тІаьхье!» – алий.
Выбор основного перевода