Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн хастамаш Цунна дІало. Иза шун Дела ву. Шун бІаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дІалохкура Ахь. Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. Хьайн хазаллица говр хахкахьа, толам а боккхуш, билггал бакъдолчун а, кІедачу нийсонан а дуьхьа, хьан аьтту куьйго хьуна инзаре хІуманаш гайтийтархьама. Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагІий а Хьуна хьалха текха. Дела, тхан КІелхьардохург, тхо юхаметтахІиттадехьа, тхуна тІехь йолу Хьайн дералла дІаяккхахьа. Цхьаберш хІордкеманашна тІехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тІера совдегарш бара.
Выбор основного перевода