Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бешахь хи тохархьама, Іедан-меттигера схьадолура хи, тІаккха иза деа декъе декъалора. Ас шен хеннахь догІанаш доуьйтур ду шуна, тІаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. Шун Везачу Дала гІайгІа еш долчу оцу лаьтта тІехь даим бу шун Везачу Делан бІаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц. Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь. Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Беркате догІа доуьйтура Ахь, Дела, Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича, иза юха а чІагІ а деш. Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дІахІоьттира, Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела. Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо, Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кІенаца хьо Іаба а йо Цо.
Выбор основного перевода