Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш? Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш. Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза. Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ. Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза. Хьан токхечу цІийнах дузуш ду уьш. Хьайх долучу диканан хица хьогалла дІайоккху Ахь церан. Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу. Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо. Декъала бу Хьан цІа чохь бехаш берш: уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.
Выбор основного перевода