Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа олалла до карзахбаьллачу хІордана тІехь: цуьнан тулгІенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо. Цо дарц тап-аьлла дІасацийра, тулгІенийн гІовгІа а дІаелира. ЛадогІа! Дуккха а халкъийн гІовгІа ю! Ловзабаьллачу хІордо санна, гІовгІа йо цара. Къаьмнийн угІар ду! Сиха догІучу доккхачу хин гІовгІа санна, ду церан угІар. ГІергІаш догІу доккха хи санна, угІуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дІадовду. Мохо лаьмнаш тІехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. ТІаккха Іийсас, хьала а гІаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагІло! ДІате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода