Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тІехь ма ду уьш, беза мохь санна. ГІо дехьа тхуна, тхан КІелхьарваккхархо волу Дела, Хьайн цІеран сийлаллин дуьхьа. КІелхьардахахьа тхо, тхан къиношна геч а дехьа Хьайн езачу цІеран дуьхьа. КІега сан бетах а Іоьттина, цо элира: «ХІара хьан бетах хьакхабелла, хІинца хьан бехк дІа а баьккхина, хьан къиношна гечдина». Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо. Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама.
Выбор основного перевода