Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахьа боху: „ХІун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“ Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дІа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг». Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Іесачу нехан багара вониг долу. Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.
Выбор основного перевода