Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза дІасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий, цунна хууш ду боданан де тІекхаьчнийла. Цуьнан берех кхерсташ лела сагІадоьхурш хуьлийла, шайн йохийначу хІусамашна арахь а болуш, уьш кхача лоьхуш лоьлийла. Денош тІедогІур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тІехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хІорда тІера Дуьненаюккъерчу хІорда тІе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац.
Выбор основного перевода